сулаев мохьмад биография на чеченском языке
Сулаев Мохьмад. Адамалла.
Сулаев Мохьмад. Адамалла.
No media source currently available
АДАМАЛЛА
Вайн ломахь дастаме
Нагахь цкъа хIума ша
Тхьамда а шуьн тIера
Вайн дайша дукха луьйш
Нагахь, цкъа къамел ша
Цо шена дош дехахь.
Нийсса цкъа топ тоьхна,
ШолгIа а топ тохахь, –
Цхьаъ дарна цIеххьана.
Вайн юьртахь бере а
Воьссинехь нах болчохь
Шен доьжна йовлакх.
Яхь йолчу лаьмнашкахь
Нагахь шайн некъашкахь
Вуьззиншехь, шолгIа а
Нагахь шел тIаьхьа чу
И цуьнца охьахаахь.
Вайн дайшна дукха луьйш
Нагахь цкъа къамел ша
Нагахь, цкъа топ тоьхна,
Цо хьоьгу лен бала
Вайн юьртахь бере а
ХатI доцуш ца хетта,
Кхунах тера
Сулаев Мохьмад. КIанте.
Сулаев Мохьмад. Аганан йиш
Сулаев Мохьмад. Ялахьа орцах
Сулаев Мохьмад. Дашо ойла.
Сулаев Мохьмад. Хин йистехь.
СУЛАЕВ МОХЬМАД (1920 – 1992)
Сулаев Мохьмада шен «Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар» цIе йолчу статья тIехь яздина: «Турпал ю вайн халкъан дIаяхна зама, турпал ю вайн халкъо дIакхоьхьу таханлера хан а. Делахь а вайн халкъан дIаяхна зама вайн яздархоша шайн произведенешца дика йийцина а, кхин а йийца йиш йолуш а ю. Амма дIадаьлларг сов а дуьйцуш, таханлерчу денойн турпалалла гайтар тIаьхьа а туьттуш вай Iийча, кху денойн тешаш долчу вайгачул дика гайталур юй тIаьхьенга вайн зама? Кху заманан бIаьхой а, тешаш а долчу вайн декхар ду вешан зама исбаьхьаллин произведенешкахь ма-ярра схьаохьар. И вайга дикахо далур ду: и вайна гергахь ду. И вай ца дахь, тIаьхьено вайна бехк буьллур бу». Яздархочун и кхайкхам муьлххачу хенахь а шен маьIна лахлур доцуш бу аьлла хета.
Нохчийн халкъан поэт, прозаик, критик Сулаев Мохьмад вина 1920 шеран 20 сентябрехь Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан районерчу ГIойтIахь совдегаран Абу доьзалехь. Шен бархI шо кхаччалц винчу юьртахь хьалакхиъна Мохьмад. 1928-чу шарахь церан доьзал Соьлжа-ГIала кхелхина. ГIаларчу 16-чу школехь дешна цо. Цул тIаьхьа Асланбековски юьртахь (хIинца Серноводск) дешаран городокехь школа чекхъяьккхина.
Мохьмадан да Абу гIеххьа таро йолуш совдегар хилла. Нохчийчохь а, Баку гIалахь а дIакхехьна цо шен гIуллакхаш. Цундела Баку гIалахь а ехха хан йоккхуш хилла СулаевгIар. Мохьмада 1933-чу шарахь Баку гIаларчу С.М. Киров цIарах йолчу педагогически рабфаке деша вахна. Рабфакера ваьлча, Азербайджански медицински институте деша а хIоьттина, 1941 шарахь иза чекхъяьккхина Сулаев Мохьмада.
Мохьмадан дена Абуна, советан пачхьалкхехь Сталинан Iазап лаьттинчу хенахь чу а воьллина, 1938 шарахь тоьпаш тоьхна. Доьзална шайн дех лаьцна дерг хоуьйтуш а ца хилла. Сулаев Мохьмада шен йоьхначу ойланца хIетахь язйина ю хIара беамогIанан стихотворени:
ГIийла ойлаян дог догIу,
Хийла ойла шен йоьхначуьна:
ХIор суьйре тIе моссаз йогIу,
Сайн вайна да дагавогIу суна.
Оцу хенахь Мохьмадан терго йина Магомаев Iабдул-Муслима. Йоккхачу-АтагIара схьаваьлла волу нохчи Магомаев Iабдул-Муслим Азербайджански музыкальни театр кхоьллинчарах а, церан къоман оперин бухбиллинчарах а волуш, СССР-ехь цIеяххана музыкант хилла. Вайн заманан гIараваьлла эшаршлакхархочун Магомаев Муслиман ден да хилла Iабдул-Муслим.
Институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIа веана Сулаев Мохьмад. Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болабелча фронте ваха гIоьртина иза, амма бIаьрса ледара хиларна ца вахийтина. Цо тIеман госпиталехь болх бина, чевнаш йинчу тIемалошна дарба лелош. ТIаьхьо Итум-Кхаьллан районерчу больнице хьажийна, цигахь коьртачу лоьран болх бина Сулаев Мохьмада. Шен «Ши ойла» цIе йолу гIеххьа йоккха стихотворени 1941 шарахь Итум-Кхаьллахь язйина цо.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь, 1944 – 1957 шерашкахь, Сулаев Мохьмада Казахстанерчу Джамбул гIалин поликлиникехь терапевтан лоьран болх бина, цул тIаьхьа, специализацех чекх а ваьлла, Джамбулерчу областнойн больницехь лор-психоневролог хилла.
Даймахка цIавеъча шен лоьран балха дIавахна иза. 1958 шарахь Сулаев Мохьмад республикин уьнах цIоналла яржоран ЦIийнан (Дом санитарного просвещения) коьрта лор хIоттийна. 1961 – 1964 шерашкахь, Сулаев Мохьмада Хьалха-Мартанан районан больницехь коьртачу лоьран болх бина. Республикехь уггар йоккхачу районан здравоохранени тоян хьажийнера иза. Цигара ваьлча юха а уьнах цIоналла яржоран ЦIийне коьрта лор дIахIоттийна. Шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц оцу балхахь хилла иза.
Сулаев Мохьмад цIеххьана кхелхина 1992 шеран 27 июнехь Соьлжа-ГIалахь.
Сулаев Мохьмад яздан волавелла шен 14–15 шо долуш. 1935-чу шарахь язйина шен дуьххьарлера стихотворени «Нохчийн йиш». Иза барта кхоллараллехь йолчу нохчийн эшарех пайдаоьцуш, царах таръеш язйина яра. Поэтан говзалла кхуьуш хилар гойтуш яра цул цхьа шо тIаьхьа язйина «Орга» стихотворени. И стихотворени литературехь шена чIогIа гIо деш волчу Бадуев СаьIидана лерина язйинера цо.
Сулаев Мохьмадан дуьххьарлера стихаш арайийлина «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь а, журналаш тIехь а. Оцу стихаша гайтира Сулаев Мохьмад шен хатI долуш а, поэзехь ала шен дош долуш а хирг хилар. Иза къеггина гучуделира дукха хан ялале Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча. Нуьцкъалчу исбаьхьаллин дашца поэт кхойкхура Даймохк фашистки йовсарех Iалашбаре. Фашистийн мехкашдIалецархойн ма-ярра ямарт Iалашонаш Iорайохура цо шен поэтически произведенешкахь. «Малх къуьйсу тIом», «ГIовтта» иштта кхийолу а стихотворенеш язйира поэта тIом болабеллачу хенахь. Церан маьIна дара даймохк ларбан адамийн ойла гIаттор, мостагIчунна тIехь толам баккхаре кхайкхар.
1943-чу шарахь Сулаев Мохьмада язйина «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма. Иза тIеман хенахь нохчийн литературехь язйинчарах уггар йоккха а, чулацаме а произведени ю. Шуьйра чулацам бу поэмин, кIорггера идейни маьIна ду цуьнан. Фашистки Германин Iаьржа хьарамло ма-ярра гайтар, даймахкарчу адамийн йоккха патриотизм, дерриг адамаш цхьабарт болуш мостагIчунна ондда дуьхьал довлар, вайн тIемалой турпалалла, церан йоккха патриотизм, тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш, мостагIчунна тIехь толам баккхийта массанхьа а адамаш вовшахтохар – иштта шуьйра чулацам болу гIуллакхаш къастадо поэми тIехь. МостагI мел чIогIа велахь а цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора.
«Малх тоьлур бу» поэми тIехь автора говза пайдаоьцу поэтически гIирсах: символаш, дуьхь-дуьхьал хIоттош хIума гайтар, даьржина дустарш, метафораш, стихан интонаци – и берриг исбаьхьаллин гIирсаш цхьана Iалашоне хьовсийна бу, поэмин чулацам хIоранна а даг тIе кхачийтаран Iалашонца пайдаэцна царах.
Поэта ши идея, ши ницкъ гойту шен поэми тIехь дуьхь-дуьхьал лаьтташ «Цхьаъ – Серло – СССР коьртехь! Важа – Бода – гитлеризм коьртехь!» Серлой, Бодий поэтан символаш ю. Серло – диканиг, адамашна паргIато яхьарг, машаран идеалах дозуш дерг ду. Бода – вониг, къизаниг, Iазапехь адам латтош дерг, фашизмах дозург ду. Иза тидаме эцча къеггина билгалдолу поэмин А.С.Пушкинан дешнех лаьттачу эпиграфан маьIна а «Малх бехийла, дIабойла бода!».
Фашисташ ямарт Iалашонаш йолуш бу, уьш машаречу адамийн мостагIий бу. Поэта говза суртхIоттош боху иза:
Фашисташ! Можа кучамаш! Iаьржа дегнаш!
ТIаьххьара, шаьш далале аьлла.
Шу тохаделла, карзахдевлла,
И шайна дин хаьржина,
Дуьненчохь и хоьхкуш хьийза:
Доцчу вон кхачо гIерташ,
Долчохь дика дохо гIерташ.
Амма оцу адамийн мостагIашна, «зулам дебош» болчу фашисташа дуьхьал гIевттина «миллионийн дегнаш», цундела уьш эшор бу, шаьш балале, тIаьххьара зуламаш ду цара деш дерш, боху поэта.
Боккхачу Даймехкан дерриг халкъаш вовшашца юххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьатерра мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан. Поэми тIехь къастош хьахийна республикаша фашисташна тIехь толамбаккхарехь лоцуш долу дакъа.
МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу бIаьхочун лаам а, доьналла а нуьцкъала сурт хIоттош гойту поэта:
Исторически дIадахнарг теллича а билгалдолу поэмин лирически турпалхочунна фашисташ «шайн Iожаллина тIе» боьлхуш хилар.
ТIом чекхбала ши шо долуш язйинчу поэми тIехь Сулаев Мохьмада дог тешош гайтира даймехкан халкъаша фашисташна тIехь шеко йоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшориг хиларан ойла адамийн дегнашкахь чIагIъяр доккха маьIна долуш гIуллакх дара.
1943 шарахь Сулаев Мохьмад дIаэцна СССР-н яздархойн Союзе.
Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944 – 1955 шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата гIалахь 1955 шеран 1 июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьгаман байракх» газета, цу тIехь зорбатохара нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегийра произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а араевлира «Къинхьгаман байракх» газета тIехь.
Нохч-ГIалгIайн республика юха метта а хIоттийча, 1957 шарахь даймахка цIа а веана, боккхачу айамца болх бо Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин литературехь.
Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга» альманаха тIехь арайовла юьйлаелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш. Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало 1958 шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник араяларца. Лирически стихаш яра книги тIехь, шаерш бохург санна. Царах дукхахаерш, композиторша мукъамаш а баьхна, эшаршка йирзира.
1959 шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствос арахийцира Сулаев Мохьмадан «Велларг денвар» цIе йолу дийцарийн, очеркийн книга. Цу тIерачу произведенех коьртаниг «Велларг денвар» дийцар дара. И дийцар дика лерина книгашъешархоша. Критикехь а дика мах хадийна цуьнан. Дийцар теллинчара иштта билгалдаьккхина цуьнан маьIна: вайн лоьраша адамийн могашалла ларъеш шайн ницкъаш ца кхоош хьанал гIуллакх деш хилар, даймехкан медицинан говзалла лакхара хилар; вайн къаьмнийн доттагIалла: оьрси – милицин капитан, киргиз – прокурор, нохчо – хирург – массара а бертахь бечу балхаца лечуьра хьалхавоккху могIарера белхало Гранаткин, вайн даймахкахь уггаре а йоккха хазна адам ларар гойтуш ду дийцар (Нохчийн советски литературан историн очеркаш. Грозный, 1961. А. 235.)
Пачхьалкхана къола дина вогIуш волчу зуламхочо Мечника шена дуьхьал кхетта Гранаткин, ша дина къола гучу ца далийта, коьртах хIума а тоьхна вийна, аьлча а иза велла моьттуш, цхьана бердах къайла а ваьккхина, хьулвина. Цул тIаьхьа ткъе кхоъ де даьлча кара а вина, иза дийна хилар а хиъна, лоьраша иза меттавало гIерташ къийсам латтабо. Гранаткин меттавогIу, иза «денло», тIаккха цуьнан гIоьнца зуламхо гучувоккху – иштта бу дийцаран хиламаш.
Къеггина ду дийцаран турпалхойн васташ. Царах хIора а шен амалш, шен меттан башхаллаша йолуш гайтина автора. Уьш берриш а хьанал белхалой бу, шайн-шайн меттехь шайн декхарш кхочушдеш бу уьш. Стеган дахарал мехала хIума ца лору цара, коьртаниг стаг шен дахаре юхаверзор, цуьнан могашалла меттахIоттор ду. Оцу агIора къаьсттина шена тIе тидам боьдуш ду воккхачу лоьран Шахаб Шапиевичан васт. Иза дуккха а дахар гина а, лоьран лаккхара говзалла шегахь йолуш а ву. Шахаб Шапиевич сих ца ло Гранаткин велларг лара, кегийра лоьраш а юха узу цо оцу сацамах. Юьхьанца хетало воккхачу лоьран шеко бух болуш яц, олий. Ткъе кхоъ де бердах воллуш даьккхина волу стаг дийна муха хир ву, иза-х мацалла а лийр вара, олий хетало, амма оцунах теша а сих ца ло Шахаб Шапиевич. ТIаьххьаре а гучудолу Гранаткин чохь са долуш хилар.
ТIаккха къийсам латтабо лоьраша велла лоруш хиллачу стагана юха могашалла яларехьа. И къийсам лоьрийн толамца чекх а болу. Гранаткин то а лой, когаш тIе хIутту. Цо гIо до милицина зуламхо Iораваккха.
«Велларг денвар» дийцаран цIе гиперболически ю, велларг денлур вац, иза денлуш ца хуьлу, амма велла моьттуш, адамийн кхетамехь велла хила а везаш волчу стагана юха могашалла елла говзачу лоьраша, шаьш хIор лазархочун а йоккха терго еш хиларна. Бакъду шолгIа арахоьцуш цуьнан цIе хийцира автора.
Ша арадаьллачу хенахь мехала произведени лоруш дара дийцар. Сулаев Мохьмада прозехь яздан а таронаш хилар гайтира цо.
Поэтан рогIера книга «Даймехкан зIаьнарш» араелира 1961 шарахь. Шен барамца йоккха йоцу и сборник стихотворенех, балладех, поэмах лаьтташ ю. Оцу книги тIерачу стихийн лаккхара мах хадош Мамакаев Мохьмада шен «Поэты и современность» цIе йолчу статья тIехь билгалдаьккхина Сулаев Мохьмадан лирика кхуьуш хилар, шен махках йолу беркате ойланаш поэтан даг чу а ца хоьъна, исбаьхьаллин стихашца Iана яхна, бахара цо. Авторан болх книгин барам жима я боккха хиларца лоруш хила ца беза, поэтан ойла дахаран кIоргене кхачарца, шена гинарг, ша лайнарг исбаьхьаллин кепе дерзо цунна хаарца хадо беза белхан мах, тIаккха жима книга йоккхачу тома метта хуьлу, чагIдора нохчийн поэзин къаночо Мамакаев Мохьмада «Даймехкан зIаьнарш» шен барамца жима книга хилар тидаме оьцуш.
Сулаев Мохьмадан поэтически кхоллараллехь хьовха, ерриг нохчийн поэтийн лирикехь а шен исбаьхьаллица, аьхналлица, адаман кийрахь къинхетамен ойла гIатторца къаьсташ ю «Даймехкан зIаьнарш» книги тIера «Сай» цIе йолу стихотваорени.
Вахнера цкъа гурахь,
Со лам чу талла,
Мажар а оьллина
Белша тIе сайн,
Схьалаха лаьмнашца,
Илли тIехь буьйцу,
ЦIен огар шен багахь
Леш болу сай.
Эххар а, гин суна
Сай, бахна гора,
Шовданан хи муьйлуш,
Шен дегош тIа,
Гарачу маIа тIехь
Дай-й дегадора,
Геннарчу хьуьнхара
Цо деъна гIа.
Шовданан куьзганахь
Гуш дара дегош,
Iожаллех дадийна,
Сен оьзда куц,
Чов хилла и хьаьдча
Яаза йисна
Схьагора сен багахь
ЦIийелла буц.
Мелла хи цIийделла,
Багахь схьаIаьнна,
Цо бай тIе харцийра
Шен кура кур.
Сатоссуш довш хуьлу
Седарчий санна,
Кхоьлира сен бIаьргаш,
Шайн дайна нур.
Кийрара дог Iийжош,
Синтем а байна,
Лаьттира со хьоьжуш
Мажаре сайн…
Ма халчу хIоьттира
Со, гича сайна
ЦIен огар шен багахь
Леш болу сай.
Юьхьанца сен хазалла, оьзда куц, сирла сибат гойтуш долу лаккхарчу исбаьхьаллин васт кхоьллина, тIаккха гойту стихотворени тIехь и инзаре исбаьхьалла мажаро йожор. Цул тIаьхьа ю оцу дегаIийжамечу суьрто кхоьллина лирически турпалхочун къинхетаме ойла. И ойла вайга кхочуш а, вайн дегнашкахь юьсуш а ю.
Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла ю. Яц къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведенешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.
Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш ю. Амма поэта шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу агIора дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила еза къинхетамалла ю, беркате хилар шена тIехь долу адаман дог-ойла ю поэта шен стихотворенин чулацаме йиллинарг.
Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах ю. «Адамалла» цIе йолуш книга араяьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахайолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина ю. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… – оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ ю къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:
Вайн нана-льамнашкахь
Вайнаха угар
Лаккхара лерина
Собар, стогалла,
Делахь а царел а
Лаккхара гуттар
Вайнаха ма лору
Бакъ адамалла!
Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.
Сулаев Мохьмадан стихашкахь даймахкаца йолу юкъаметтиг а ю цхьа ша-тайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац, бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу даймохк:
– Вай динчу махкара
Къайллаха деана,
Хьуна ас безамна
ХIара зезаг лур ду.
– Схьа да и: сагатдеш
Вай динчу махкана,
Веллачу ден коше
Ас иза хьур ду…
– Вай динчу махка со
Вухавоьду кхана,
Хьоьгара безамна
ХIун хьуо ас, ала?
– Доьху хьоь, доттагIа:
Сан бIаьрхиш канахь
ДIахьолахь ахь цига,
Цхьа цинц ца Iанош.
«Вайнехан фольклоран суйнаш» (XVIII – XIX бIешо) аьлла, коьрте а яздина, стихийн жима цикл ю поэтан, цу тIера ю и диалогах лаьтташ йолу стихотворени. Адам даймахаках даккхар хьахо ца могуьйтуш хиллачу советан пачхьалкхан цензурах стихаш ларъеш дехкиний техьа автора къовларш юккъера терахьаш а, язйини техьа циклан цIе а олий, дагадогIу.
Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах ю «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Дагчуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (1970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» – хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» – роман, стихаш, поэмаш (1990). Оьрсийн маттахь Соьлжа-ГIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).
Сулаев Мохьмадан масех стихотворени ю «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохачу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.
Йо, Дела! Цхьа шеко
Сан дагах лета:
Iожаллех цакхерар –
Цакхерар хьох хета!
Iожаллех тIех кхерар –
Цатешар хьох хета!
Нисвехьа нийссачу
Барамехь, Дела:
Ийманехь чIагIваллалц
Iожаллех ларвай,
Iожалла тIекхаччалц
Стогаллехь чIагIвай,
Кхачаве ахь тIаккха
Хьайн дикчу кхиэле.
Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.
Сулаев Мохьмадан поэзи коьрта долчунна лирикех лаьтташ ю. Цуьнца цхьаьна поэтан кхоллараллехь балладаш а, поэмаш а ю. Шена тIе тидам боьдуш ю «Хьерабаьлла дин» цIе йолу баллада. ГIебарточо гIалгIайн махкара шена хазбелла дин бигна. Керлачу махкана, гIебарточунна тIе ца боьрзу аьрха дин. КIанта дин хьоьсту «хазачу нускалал» а хьоме хеташ, «Iуьйренца тхи милош», «туьханца чам тобина кIай, борцций» латтош. ТIаьххьар а «джайрахойн дин шена тIебирзина» моьттира кIантана. Амма цхьа хан яьлча «Генарчу Мят-Ломан / Басера мохца / Цхьа хьожа кхечира» Цу дине схьа». И хьожа схьакхетташехь карзахбаьлла, баргол а хадийна, дIахьаьдда дин:
Боьдура и баьлла
Буракъах тIома,
Шуьйра кхес, тIам санна
ДIаслесталуш,
Ахках дIа чу туьлуш,
Хьалатуьлуш лома,
Боьдура, хьаннашка
Ца сацалуш.
……………………..
Шех тарлуш мохо
ДIайовдийна мархаш,
Шех тарлуш дорцаца
ДIауьду жин,
ТIехь бере гуш воцуш,
Яйина архаш,
БIаьрге ца лацалуш
Боьдура дин.
Цецбевлла нах тIаьхьа
Хьуьйсура цунна:
«И хьерабаьлла бу…
Лацалур бац…»
Хаацара цхьанна а
И бохучунна
Цу дине дIакхойкхург
Буй нана-арц!
Адамна, дийнтана, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац сапаргIат дахар. И тема юх-юха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуюьйлу поэтан кхоллараллехь.
Сулаев Мохьмадан поэзехь ю яккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхиерш а.
«Лаьттан бос» поэма ялх стихах йолчу 47 строфах лаьтташ ю, цхьа барам, цхьа ритм йолуш. Лирико-философски произведени ю иза. Адам а, Латта а ю цуьнан тема. Къинхьегам, хьанал къинхьегам бу Адаман Лаьттаца уьйр латториг. Латта цхьаъ ду, тайп-тайпан меттигашкахь иза бес-бесара хетахь а, цу тIехь мел деха Адам а цхьаьна хила деза. Лаьттан бераш ду цу тIехь мел еха садолу хIума а. Уьш Адаман гIоьнчий ду, бертахь хазда деза цхьаъ бен доцу Латта. Иштта ойла кхиош ю «Лаьттан бос» поэма.
«Винчу лаьттан цинц» йоккха поэма ю. Цхьа эзар гергга стихах лаьтташ ю иза. Поэма дуьххьара араелира «Нохчийн кIант Волгин йистехь» цIе йолуш. Поэмин коьрта турпалхо Заур Сийлахь боккхачу Даймехкан тIамехь шен накъосташца цхьаьна мостагIчунна дуьхьал лаьтташ ву. Цуьнан а, цуьнан накъостийн а бIаьхаллин хьуьнарш ду поэмин чулацамехь. Боккха кхиам хилира поэмин. 1984 шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Ленински комсомолан совгIат а делла цунна. Юха зорба тухуш поэмин цIе «Винчу лаьттан цинц» тиллина автора.
Мехала ю Сулаев Мохьмада проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966 шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Товсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шоръеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, юха арахийцира 1990 шарахь. Оьрсийн маттахь араелира 1992 шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чулацамца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени ю. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940 – 1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина роман тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду. Советан заманахь кхиина цуьнан ши йоI Нурседий, Селитий комсомоло бохачунна тIегIерташ, кхечу амалехь ю. Ши йоI деца эвхьаза ца йолу, юьхь дуьхьал эхь-бехк лардо, амма царна юкъахь къийсам бу. Яздархочо шуьйра гайтина оцу хенахьлера къоман дахар: Сийлахь-боккха Даймехкан тIамехь нохчийн юьртахоша дакъалацар; фронтана, бIаьхошна оьшург вовшахтухуш, дIаяхийтар; нохчийн къам махках а даьккхина, лайна халонаш; юха «декъаза цIадерзар». «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн литературехь дуьххьарлера произведени яра нохчийн къам махкахдаккхаран тема иштта шуьйра хIоттийна.
Сулаев Мохьмад литературни критик а вара. Цуьнан кхоллараллин цхьа дакъа ду литературно-критически белхаш. Цо вайнехан яздархойн кхоллараллех алссам язъеш йолу критически статьяш, рецензеш арайийлина «Ленинан некъ», «Сердало», «Грозненский рабочий», «Комсомольское племя» газеташ тIехь, «Орга», «Ломан Iуьйре» журналаш тIехь. Кест-кеста цуьнан статьяш оьрсийн маттахь зорбатухура «Дон», «Знамя», «Дружба народов» кхидолчу Москвахь арадовлачу стаммийн журналаш тIехь. 1968 шарахь Сулаев Мохьмада арахецна нохчийн литературах лаьцна «Октябро кхоьллинарг» цIе йолу шен литературно-критически белхех лаьтта сборник.
Сулаев Мохьмад дика гочдархо а вара. Цо нохчийн матте яьхна оьрсийн, гIалгIайн, хIирийн, жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, карелийн, гуьржийн, таджикийн, туркменийн, туркойн, корейцийн, китайцийн, афганхойн, немцойн, австралин поэтийн стихаш.
Сулаев Мохьмадан стихаш гочйина гIалгIайн, оьрсийн, украинийн, хIирийн, гIебертойн, балкхаройн, гуьржийн, жIайхойн, лаьзгийн, гIазгIумкийн, гIумкийн, туркойн, иштта дIа кхечу къаьмнийн а меттанашка.
Сулаев Мохьмадан шен «Заманан йийсар» цIе йолчу стихотворени тIехь яздо:
Торха тIера Iома чу
Боьжна тIулг санна,
Замана айми чу
Воьжна ву со.
ТIулг Iуьллу хин бухахь,
ГIамарла бахна, −
Заманан тулгIеша
Со идаво.
ДIахьо со замано,
Вадийна маса, −
Йиллинчу ша метте
ДIакхачаван.
Со-м гIерта заманан
Урх буйна лаца –
Сайн лааме заманан
Юьхь ерзаян.
Заманан урх карахь,
И дIа ца хоьцуш,
Воьду со, хьалхахьа
Боккхуш сайн ког.
ХIетте а, заманах
Хадарна кхоьруш,
Деттало тем байна
Кийрара дог.
Заманан декхарех
Кхуьурий-техьа?
Дерриш уьш кхочушдан
Лароррий-те?
Йо, Зама! Ахь айхьа
Сан аьтто бехьа
Хьайн дуьхьа ягийта
Сан кхерчан цIе!
Сулаев Мохьмадан поэзин кхерч бовха бу, хIинцалерчу нохчийн литературехь серлаяьлла йогуш ю цуьнан поэзин цIе.
СУЛАЕВ МОХЬМАДАН ПРОИЗВЕДЕНЕШ
Нурадиловн сий. Поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1943. 17 окт.
Малх тоьлур бу. Поэма. Грозный, 1943
Малх тоьлур бу. Поэмин дакъа // Ленинан некъ. 1944. 13 февр.
Гила // Къинхьегаман байракх. 1956. 9 авг.
Гила // Ленинан некъ. 1957. 9 окт.
ТIамна дуьхьал // Къинхегаман байракх. 1957. 18 окт.
Хьан урам // Ленинан некъ. 1957. 12 дек.
Iехор // Сердало. 1957. 12 дек.
Воккха лор. Очерк // Ленинан некъ. 1958. 16 март.
Велларг денвар. Дийцар // Ленинан некъ. 1958. 13 апр.
Безаман эшарш. Стихаш. Грозный, 1958.
Суьйренан беттаса // Сердало. 1958. 31 июль.
Борзбасера шайхаш. Рассказ // Ленинан некъ. 1959. 10 июнь.
Йиш // Ленинан некъ. 1959. 15 ноябрь.
Велларг денвар. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1959.
Вай тоьлар ду. Отрывок из поэмы «Солнце победит» // Сердало. 1960. 23 окт.
Зевне хьеший //Ленинан некъ. 1960. 4 нояб.
КIант а, Октябран байракх а. Баллада // Ленинан некъ. 1960. 7 нояб.
Жима кIант а, Октябран байракх а. Баллада // Орга. 1960. № 4. С. 44.
Ламанхо-йише // Ленинан некъ. 1960. 25 нояб.
Керлачу шарца // Ленинан некъ. 1961. 1 янв.
Сай // Ленинан некъ. 1961. 19 март.
Сай // Орга. 1961. № 1. А. 81.
Шина бригадехь. Очерк // Орга. 1961. № 2. А. 29-34.
Шира доттагIий юха вовшахкхета. Документальни дийцар // Орга. 1961. № 3. А. 12-21.
Даймехкан зIаьнарш. Стихаш, поэма. Грозный, 1961.
Нохчийн йоIе // Ленинан некъ. 1962. 5 янв.
ДоттагIий юха вовшахкхета. Дийцарш, очеркаш. Грозный, 1962
ХIорде // Орга. 1963. № 3. А. 42-43.
Тавсолта ломара дIавоьду. Роман. Грозный, 1966.
Даг чуьра суьйнаш. Стихаш. Грозный, 1968.
Йовш йоцу цIе. Грозный, 1970.
Бакъдерг. Грозный, 1973.
Лаьттан бос. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1978.
Сирла суьйре. Грозный, 1980.
Адамалла. Стихийн книга. Грозный, 1984.
Лаьмнаша ца дицдо. Роман, стихаш, поэмаш. Грозный, 1990.
Если будет лунная ночь… // Дружба. 1958. № 1. С. 11.
Горькая чаша. Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии.М., 1959. С. 265.
Благородные гости (Подражание корейскому) Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии. М., 1959. С. 265.
Ожидание. Пер. В. Щепотев // Поэзия Чечено-Ингушетии.М., 1959. С. 266.
Ключ счастья // Грозненский рабочий», 1960. 20 нояб.
Горянка // Комсомольское племя. 1961. 15 янв.
Чтоб дружба цвела на земле // Социалистическая Осетия», 1961. 5 март.
Ленин и заморский гость. Баллада // Грозненский рабочий. 1961, 22 апр.
Олень. Пер. А. Греков. // Социалистическая Осетия. 1962. 22 июль.
Бой за солнце. Грозный, 1970.
Чинар на скале. Грозный, 1972.
Чинар на скале. М., 1975.
Иду на зов. Грозный, 1979.
Цвет планеты. М., 1982.
Орлиной тропой. Грозный, 1987.
Горы молчат, но помнят. Роман. Грозный, 1992.
Горький бокал. Пер. на кабард. Хабала Беров // Ошхамахо. 1959. № 5. С. 106.
Самый красивый цветок. Пер. на осет. Х. Ардасенов // Растдзинад. 1960. 26 окт.
Шутка. Пер. на кабард. З. Тхагазитов // Ошхамахо. 1962. № 1. С. 62.
СТАТЬЯШ, РЕЦЕНЗЕШ
Хьалхара гIулч. М. Ясаевн кхоллараллех // Ленинан некъ. 1959. 18 март.
Гайсултанов Iумаран «Болат-ГIала йожар» книгина рецензи // Ленинан некъ. 1959. 18 окт.
Яздархойн а, журналистийн а юкъара декхар. Статья // Ленинан некъ. 1959. 3 дек.
А.Хамидовн «Абубешар» книгина рецензи // ДоттагIалла. 1959. № 2. А. 68 – 78.
Нажаев Ахьмад // Ленинан некъ. 1960. 29 июнь.
Пайдехьа совгIат. Бадуев СаьIидан хаьржина произведенеш арахецарна // Ленинан некъ. 1960. 10 июль
Къоначийн гIулчаш // Орга. 1961. № 4. А. 43 – 46.
Поэзин зIийдигаш // Орга. 1962. № 4. А. 72 – 76.
Лаьттан мутт // Орга. 1963. № 1. А. 67 – 69.
Талантан къайле. Эдилов Хасмохьмадан «Шинна къайле» поэмех лаьцна // Ленинан некъ. 1963. 22 дек.
Октябро кхоьллинарг. Критически статьяш. Грозный, 1968.
Успехи и задачи чеченской художественной литературы // Дружба. 1958. № 1. С. 61 – 66.
Чеченская советская литература в борьбе с религиозными пережитками. Грозный, 1962.
Ш.К. Айсханов // Очерк истории чечено-ингушской литературы. Грозный, 1963. С. 124–132.
Поиск правды. Очерк о творчестве А. Дадашева // Литературная Чечено-Ингушетия. 1991. № 2–3
Ислам и власть. Статья // Голос Чеченской Республики. 1992 май.